(24 -26)
(дуьйцург - вайна хетарг. Ткъа хуург Аллах1 бен вац. Тоуратан ширачу нохчийн маттара байташ. «Ева- Эва»; «Айша»; «1амаран Заза»; «Эдем»; «Море»; «Океан»…бохучу а, кхечу дешнийн а тидарш.)
Толлур вай - «Эдем», «Ева», «Адам» ц1ерийн гергалло.
Церан - «1эдем»; «1эва»; «1адам»(хьовса лакхе) кепашна т1ера. Кхузахь уггаре хьалхара гург и церан гергалло - «1а\1э»(«Дух\жить\живи) т1ехь латтар ду.
Вай массуьйтаза дийцира и вайн -«1а» пхи –ялх маь1нехь хилар. Цуьнца йоьзна хета – «Хьава» ц1е а. 1арбоша шайн ширачу маттахь -«Дахар» лоруш йолу. Даьшна аьлча, Къор1ано и ц1е ялош а яц. «1эдем»; «Къаийм»; «Хьабил» а ма ца яллора.
Ала деза, жуьгташа а изза ц1е(«Ева») шайн ширачу маттара - «Нavva» т1ера лоруш хилар а. Цуьнан маь1на –«дахар лург»; «дахар»; «1эр –дахар»; «са де1ар» а хеташ.
Ишта цу т1ера лору цара кхечу меттанашкара – «Ив»;«Ива»; «Эва»; «Хава»; «Эфа»; «Эба» а. Шаьш бохучунна дахкон шайн делилаш дацахь а …
Т1аккха вайн кхетамехь 1арбоша –жуьгташа ширачу арамейн – нохчийн маттара схьа эцна ю и ц1е. Цара шаьш а ч1аг1до иза ишта хилар.
Х1инца вай дуьйцучунна делилаш дахкор вай.
Вай тохара а хьахийра и «Нavva»(«дахар») - дош Эдемех хиллачу - «Дахаран диттаца\ довзанца» муха доьзна хилла(хьовса лакхе). Цуьнцара ширачу германхойн – «heiligе hag», нохчийн - «хьагалин хьа +га»(«древо познание») санна а туьдуш.
(терго е, нохчийн - «хьа/е +га», г1азкхийн –«ветвь соблазна/познание» дуйла. Кхузара –«хьега» дош а).
Ишта вайн кхетамехь Къор1анан т1ехь йоцу -«Хьава» ц1е , ширачу нохчийн маттахь хиллачу Тоуратна т1ехь а хуьлийла хилла дац. Ша «Ева –Эва» кепехь. Амма и дешнаш цхьана кхечу маь1нехь хиллачох тера ду цигахь.
Хьовсур вай, уьш муьлхачу маь1нехь хилла тида. Шен хенахь талмудхоша церан галбаьккхина чулацам юха метта а х1оттош.
Ткъа и вайга далуш хета Къор1анан цхьана аятаца. Далор вай цуьнан масехь вариантаца долу гочдар:
а)Богуславски: «Ты, Адам, живи в раю с твоею женою; и ешьте везде, где хотите, но не приближайтесь к этому дереву ...»
-«Хьо, Адам, хьайн х1усамненаца элсаманехь 1э-вах; яа массанхьара, шайна луучура, амма цу диттана герга ма г1олаш...»
б) Порохова: «Ты, же Адам, со своей супругой в саду Эдеме пребывай...»
- «Хьо, Адам, хьай х1усамненаца 1эдаман бешахь 1э...»
в)Крачковский: « А ты, Адам, поселись ты и жена твоя в раю, но не приближатесь к этому дереву, а то вы окажетесь несправедливыми....»
- «Ткъа хьо, Адам, хьайн х1усамненаца элсаманехь 1э -ваах; 1э, де луург, амма цу диттанна герга ма г1орталаш, г1ортахь гал девларш хир ду шу».
Кхузахь уггаре хьалха тидам хуьлу:
а) цу аятан г1азкхийн маттара: «живи», «поселись», «пребывай», нохчийн маттара: «1э, вах», «1э, де, даа» санна дуйла.
б)Тоуратан - «Ева- Эва»; Дала Адаме(а.с.) боху –«1э-вах»; вайн – «1э –вах» цхьанаэшаре хилар. Шайн юкъара чулацам -«дахар» а болуш…
в)Порохавас шен гочдарца – «Эдем» аьлла балош болу кхетам нийса боцийла. Цо иза х1инцалерачу Тоуратна т1ера схьа эцна хилар.
Цу тайпа, ширачу нохчийн маттахь хиллачу Тоурат т1ехь хилларг - «Ева- Эва» а, «Эдем» а доцуш: - «1э-ваах»; «..1э, де(даа –мал)...» хилла лору вай. Цунна тоьшалла деш хета Къор1ано а.
Ткъа ша ду, талмудхоша цараха ц1ераш яр. Я церан маь1нехь шаьш цакхеттехь а, я кхечу 1алашонашна шаьш уьш йинехь а.
Ишта, Тоуратан т1ера - «Ева- Эва», Къор1ано бохучу; «...хьайн х1усамненаца ялсаманехь 1э –ваах…», юкъерачу – «1э-ваах» т1ера лору вай.
Ткъа «Эдем»(«1эдем»), Дала Адаме бохучу; -«…элсаманехь 1э -ваах; 1э, де луург…) юкъерачу -«..1э, де(даа –мал)...» т1ера.
Х1инца туьдур вай цаьрцара: «дахар»;«вахар»; «х1усам»; «х1усамнана»; «элсамане»…
Кхузахь го: а) Адаман «ваха/р»: «1э-ваах» дашца, ткъа «даха/р»: «1э –де» дашца.
б)«х1у+сам» дашцара - «х1у»; «са» дешнаш: «х1у»= «са»(муьлха –«х1у» шеца «са» долуш хиларна) санна.
в) «х1у+ са +(м)ан» боху дош: «х1у–са ан» санна. Шеца - «Элсамана» («Эдеман») дешан кхетам а болуш.
Ишта ширачу нохчийн маттара - «Эли х1у-са ана» . Дала шена чохь массо а тайпа шишша цхьана се –эри(сте –боьрши) «х1у –са» кхоьллина хилла - «Эдем» санна а.
Далор вай - «х1усамнана» а, «х1у–са нана» санна. Масала, и цу кепера вай лакхе далийначу аятан гочдарца гайтича, и гочдар: «Ткъа хьо, Адам, 1э, ваах хьайн х1у – са ненаца Элсаманехь; 1э, де луург, амма цу диттанна герга ма г1орталаш, г1ортахь гал девлачарех хир ду шу», бохучу кепара хир дара.
Шецарчу - «…хьайн х1у – са нана…» бохучо, Адамах дукха х1у- са (адамалла) дер дуйла а, церан нана Хьава хир юьйла а, Дала уггаре а хьалхара дуйна билгала дина хилла дуйла а дуьйцуш( аль – Бакъара 30 аято ма бохху).
Ишта и вайн - «х1у – са(м) наан» дош, ширачу 1арбойн – жуьгтин – «Нava» («дающая жизнь»; «жизненная»; «дыхание») кхетамехь а го. Ткъа «Нava» шен рог1ехь нохчийн - «х1ава»(«воздух»; «кислород» ;«жизнь» а) дешан эшарехь а долуш.
Ткъа х1инца хьовсур вай, Тоурато мичахь, муха яла йо и «Ева- Эва»(«1э -ва(х)» ц1е?
Масала, цхьана байто боху;«Тиллира адамо шен сесаган ц1е: «Ева (Эва)», мел бехачеран нана и хийларна»(Хиллам. 2:20).
(И нарек имя своей жене Адам: Ева, ибо она стала матерью всех живущих)
Адама(а.с.) цунна и ц1е тиллина хан, иза Хьаваца мар санна 1эн – ваха хиъначул т1аьхьа хилар а дуьйцуш.
Кхузахь хаттар х1утту: Хиллий те Хьавайн(Ева- Эвин) цул хьалха кхин ц1е? И шиъ йиший – ваший санна Эласаманехь 1ачу хенахь? Цу шинна юкъехь «эвхьазалла» йолале, бохуш долу.
Цхьаболчу Тоуратан талламхоша дийцарехь ишта йолу цуьнан ц1е–«Айша». хилла. Ширачу арамейн - «Айеша» аларна т1ера схьа.
И «Айша» инзаре шира хиларна тоьшалла до дукхачу къаьмнаша а. Иза шайн –шайн ширачу маттара а лоруш. Иштачараха бу тюркаш, эрмалой, жуьгти, индусаш, славянаш и д1.кх. а
Бакъду царна цу церан маь1на х1у ду а цахаьа, ткъа 1арбоша цуьнан маь1на до - «1аш»(«жил»); «1эйш»(«жизнь») т1ера.
Кхузахь гайтаме ду, и «1аш»(«жил»); «1эйш»(«жизнь») шайн эшарца а, кхетамца а нохчийн – «1аш»; «1эйша» санна хилар.
Цул совнаха, церан маттахь шайн маь1нашца гергара долу: «1аш»(«жил»); «1эйш» («жизнь»); «Нava», нохчийн маттахь вовшашца гергара хуьлучу - «Ева-Эва»(«1ева -1эва») «1айша»(я «1аши»/«1ошур») барамехь а дог1у. Церан массеран а цхьа «хьост» дуйла а гойтуш. Ширачу арамейн –нохчийн меттан «хьост».
Церан и гергалло вай кхин а гойтур ду. Ткъа х1инца билгал дер вай, Хьавайн хьалхара ц1е - «Ева- Эва» а йоцуш, «Айеша» санна хилла хилар г1араваьллачу Тоуратан талламхочо Фабра Д’’ Оливьес а бохуш дуйла.
Кхузахь лерийна билгал дан деза, Фабрас Тоурат ширачу арамейн –ег1иптхойн маттахь теллина хилар. Цу маттахь лоруш хилла цо хьалхара Тоурат а. Нагахь иза ишта цахиллехь, масийта б1ешерашкахь Ег1иптехь 1ийначу Мусайна(а.с.) а, цуьнан къоманна а иза кхетар дацара бохуш.
Масала, схьа оьцур вай Тоуратан: «И сказал человек: вот это кость от костей моих и плоть от плоти моей; она будет называться женою, ибо взять от мужа своего»(Быт. 2:23), боху байт.
Фабрас иза яла йо: «И сказал Адам, выражая мысль: вот это есть истинная субстанция от моей субстанции, форма от моей формы; и он назвал её Айша...», бохуш.
Хьовсур вай и ши а вариант, ма хуьллу ширачу нохчийн маттахь а яхкон:
а)«Элира адамо: ер сан т1ерках т1ерк ю, т1амарах т1ум ю; кхунаха сесаг аг ду, ер шен марах еккхина хиларна» (Хиллам. 2:23)
б)«Элира Адама шен дагара олуш, ер сан сих са а, гомах гом а бу; цунаха цо 1айша элира...», аьлла.
Терго ер вай, кхузахь Фабрин вариантехь «сесаг» а доцуш, «Айша» хилар.
И х1унда ишта нисло цхьажимма 1йина жоп лур ду вай.
Ткъа х1инца кхин цкъа а юха ялор вай: «И нарек имя своей жене Адам: Ева, ибо она стала матерью всех живущих»(2:20) боху байт. Иза Фабрин вариантехь гайта.
«Тогда универсальный Адам определил своему волевому свойству Айша, имя Хева, существование элемантарное, по той причине, что она(Айша) сделалась началом всего того, что составляет это существование», бохучу кепара.
Кхузахь хаало Хьавайн ши а ц1е. Хьава Адаман син 1анарх -1а а, гоман меженех меже(п1ендар) а санна хилла юьйла шаьш гойтуш йолу.
Цараха - «Ева –Эва»(«1ева-1эва») вай дикка теллина, х1инца толлур вай - «Айша». Цуьнан чулацам - силсил.
И нохчийн маттахь толлучохь гуча долу иза х1инцалерачу Тоуратан т1ехь а хилар. Ширачу ег1иптхой- арамейн маттахь Тоурат теллиначу Фабрина а, иза мичара яьлла хилла а кара деш.
Ткъа и ц1е вайна кхуззаги го:«Элира Элас: 1а йиш яц адаман цхьаа; кхуллур вай цунна йиша, цуьнца йог1уш йолу»(Хиллам. 2:18), бохучу байтаца.
(«И сказал Господь Бог: не хорошо человеку быть одному; сотворим ему помощника , соответственно ему» Быт: 2:18).
Нийса аьлча, кхузахь ша -«1айша» боху ц1е яц, амма шена т1ера и ц1е схьа яьлла - «..1а йиш..» бух бу. Ша вайна - «…1а йиш яц адаман цхьалха…»(«…не хорошо человеку быть одному…») боххучу дешнашца гуш болу.
Цо гойту: а) Фабрис ширачу ег1иптхойн –арамейн маттахь теллинчу Тоуратан - «Айша» («1а йиш») а, х1инцалерачу Тоуратна т1ера - «Ева –Эва»(«1э –вах») санна кхолла елла хилар.
б) и ши а ц1е, Къор1анна т1ехь – «Х1ава» ма цахиллара, Тоуратна т1ехь а хилла йоцийла.
Доцца аьлча, нохчийн маттахь вай дечу Тоуратан маь1наша дийцарехь: Адаман(а.с.) 1а йиш цахилла - «1айша» йоцуш а, цуьнан 1э- ваха йиш а цахилла – «Ева –Эва» йоцуш.
Юха а х1унда – «1а йиш»? Цуьнца вайна го ши кхетам. Нагахь г1азкхийн маттахь аьлча: «сестра по жизни»; «сестра от Духа(святого)» санна хуьлуш болу.
Цу хаттарна дуьззина жоп лаха вай юха а толлу Тоуратан масехь байт,
25
Вай х1инца лакхе ялийна Тоуратан: 2-18 байт Фабра Д’’ Оливьен вариантехь:
:«И сказал Иеом Элоим, Существо Существ, не хорошо Адаму быть одному, Я создам ему подругу, элементарную помощницу (хезер), взятую от его сущности и организованную как его световое отражение (бенегедо)»), аьлла ю.
Ткъа ширачу нохчийн маттара цуьнан гочдар: «Алийри 1е 1ам - Элас, Х1у –сах Х1у-са волчу Адамна хала ду цхьаа хила. Ас цунна 1а йиша – езар/г кхуллур ю, цуьнан серлонах схьа эцна долчу - б1ана гах(ду)», санна хир дара аьлла хета.
Х1инца дешархо аьллачох дикка кхето цу байтан - «Иеом»; «существо»; «хезер»; «бенегедо» ширачу нохчийн маттахь вай ишта х1унда гайтина дуьйцур вай.
Уггаре а хьалхара туьдур вай - «Иеом». Вукхерал а цуьнан маь1на доккха хетарна:
1)«Иеом»: «1е -1ам»/«1а -1ам» санна. Цуьнцара –«1а» 6 -7 маь1нехь ду. «Дух» «пар»; «дым»; «туман»;«зима»; «испарение»; «дыхание»; «жить» санна.
Шайн массеран бух – «1а»(«Дух») т1ера а болуш.
Цу – «1е -1ам»/«1а -1ам» аларша ишта гойту: дахар –хи(«озеро –жизнь») хилар а. И хи Дэлан(«Дух») дуйла а.
Амма цу т1ехь чекх цадолу – «1е 1ам» маь1на.
Цу – «Иеом»(«1е -1ам»/«1а -1ам») дагатоссу вай тохара тидина:
а) «1а Ма»( «Дух Божий»/«Дух Ма»). «Ма»:Тоурат -нохчийн маттара –Дэлан ц1е («Ма» -маь1на 7чу декъехь вай дукха дийцира)
б) «1амар» («усвоение\ «познание»)
в) «1а Мар»( лам. –нохчийн) - «Дух Повелителя» /«Повелител Духа».
г)«1амор»(«познание»/«знание»).
д) «1а - мор»(«1а» -«Дух»; «Мор»-«обхват») - «Вселенная»/«Космос»/
«1а+лам»/«1ар+ша»/«1а+мал»( (Дэлан локкхалла; Цуьнан 1арша; Далла хастам бар).
д)«1а - Маран Заза»(нохч. фольклера) - «божественная Заза» а…
Доцца аьлча, Тоуратан - нохчийн маттара Дэлан ц1ераш а, вай дахкийна - «Дух Божий»; «Дух Повелителя»; «пар Божий»; «природа»\«жизнь»\«вселенная»; «познание\ знание»; «восхваления Господа»(и. д1.кх. а) а цхьана доьзна кара до. .
Цу «1а»(«Дух») дашца го - «1ам»(«озеро»\ «море») а; «1аам»(«познание»/ «постижение»/«знание») а.
(гайтаме ду: «Бух боцу 1ам санна к1орга ду 1илма», бохучу вайн кицано а. «1амар» дош: 1оман(х1ордан) вастаца гойтуш хилар).
Дала Шен жил -1алам хих а, Шен 1илманца а кхоьллина хилар дуьйцуш санна шаьш долу.
Цундела дара Фабрин вариантера Тоуратан - «Иеом»(г1аз.тран.) ширачу нохчийн маттара - «1е 1ам» /«1а 1ам» санна вай далор.
«И сказал Иеом Элоим…»: «Алийри 1е 1ам – Элас…» санна а гойтуш.
Вуьшта аьлча - «Элира Дахаран Элас», я «мел дерг а кхуллучо Элас»(и.д1. кх. а) бохург.
И «Иеом»(«1е 1ам» /«1а 1ам») хаало кхин цхьана Тоуратан байтаца а.
Масала: "В начале сотворил Бог небо и землю. Земля же была неорганизована и пуста, и тьма над бездною; и Дух Божий носился над водой....» (Бт. 1-2), бохучуьнца.
Х1инца ширачу нохчийн маттахь(шен «ненан» маттахь) гоч ер вай иза: «Цкъа хьалха сигал а, латта а кхоьллира Ма 1ас. Латта эрг1аллехь а, деса а дара. Бух боцу бода бара; Ма 1а лаьттара 1ама(1ома) т1ехь...»(Хиллам: 1-2) аьлла.
«Над водой» - «1ама(1ома) т1ехь», ткъа «Дух Божий» - «Ма 1а» санна а лоруш.
И «..над водой»(«..1ома т1ехь») дало мегаш ду - «над морями»; «над океаном» санна а. «Море»; «океан» ширачу нохчийн маттахь а туьдуш.
Масала ишта:
а) «…и Дух Божий носился над морями» метта - «..Ма 1а лаьттара Ма+аре т1ехь» (я «..Мар 1а лаьттара Мар +аре т1ехь») а далош.
б) ткъа «… и Дух Божий носился над океаном....» метта - «Ма 1а лаьттара 1а Ка аан/а»(в «пространстве») далош.
Ширачу нохчийн маттара г1азкхийн маттахь аьлча - «...Дух Божий стоял в пространстве Духа Всемогущего», я «Дух Божий стоял в пространстве – пара\ тумана Всемогущего» бохург хуьлу иза.
Цу тайпа: а)«Ма/Мар +аре»(море»/«мааре»): -«пространство Бога/Повелителя»
б)«океан» («1а - Ка ан») - «пространство Духа Всемогущего».
Кхузахь гург ду, мел йолу хин ц1ераш(«1ам»; «Море; «Океан») ширачу маттахь хиллачу Аллах1ан ц1ерашца йоьзна хилла юьйла.. Хиш Цо кхоьллина а, цуьнан долахьа а хилар.
«1анарш(«пар»\ «туман») – 1аршаш»(«стигланаш») а вовшашна чуьччара дуйла. Дэлан 1аршаш: 1анарш –аренаш санна хилла йолуш.
«...и Дух Божий носился над водой», бохучу ма бохху хи ша а, Дэла ша а воцуш.
(вай тохара тидира:–«Мар+та – эрк(река)» а. Ширачу нохчийн маттара –«река Повелителя»; «божественная/священная река» санна.
Ткъа «Мар+ха»(«дым»/ «туман» - «время/страж Повелителя» санна.
Терго ер вай ишта, вайн –«ха» боху дош – «диттан ха»(«ствол»); «адаман ха» («бедро») санна а хиларна. Вуьшта аьлча, шена цхьа х1ума шен т1ехь кхуллу бух(основа))
Цул а совнаха, цу байтан –« и Дух Божий носился…» бохучохь долу –«носился» а нийса цахета вайна. Х1унда аьлча, «носился» («уьдура») бохучу хоьтуьйту и «Дух» массанхьа а кхача цакхууш санна д1а- схьа идча санна.
Ткъа вай ширачу нохчийн маттара шина - «1а»(«Дух»); «1а» («пар/туман) дашах пайда а оьцуш дечу тидарша(хьовса лакхе) гойту, цигахь хила дезарг – «стоял» («лаьттара») дуйла.
Ишта дан а ду иза, вай лакхахьа ялиначу ширачу нохчийн матарчу Тоуратан байтаца (Хиллам: 1:1-2). Ша г1азкхин маттаца далича -: «...Дух Божий стоял в пространстве Духа Всемогущего»; «Дух Божий стоял в пространстве – пара\тумана Всемогущего» хуьлуш.
Цара гойту, ширачу нохчийн маттара и Тоуратан байт, Къор1анан цхьана аятан герга йог1уш юьйла. Шен уггаре а хьалха хиллачу маь1нехь ша юха метта а х1уттуш..
Далор вай и аят нохчийн маттахь.
Масала: а) «Т1аккха Аллах1 1а(к1ур; дохк) санна лаьттачу 1аршашка хьежира. Кхоллира стигланаш. Шен Ка хиларе терра Цунна хала дацара уьш а, латта а кхолла. Цо цаьрга атта элира: «Схьа т1е дуьйла лаамехь а, я лаам боцуш а! Вукхара элира: «Тхо лаамехь дог1у»(Къор1ан. 41:11)
б) «Т1аккха Аллах1 1анарше хьежира. Кхоллира цараха стигланаш. Ша Ка (Всемогущий) йолуш хиларе терра Цунна хала дацара уьш а, латта а кхолла. Цо цаьрга атта элира: «Схьа т1е дуьйла лаамехь а, я лаам боцуш а! Вукхара элира: «Тхо лаамехь дог1у»(Къор1ан. 41:11)
( Цуьнан г1азкхийн маттара вариант: Затем Аллах обратился к небу, которое было, как дым, и сотворил его. Своей мощью Ему легко было сотворить небеса и землю. Он просто сказал им: «Явитесь по доброй воле или невольно!» - и они повиновались, говоря: «Мы явимся добровольно»)
Кхузахь шоллаг1чу гочдаро мелла а дика кхетош хета сигланаш- латтанаш Дала 1анарах кхоллар
Ишта Дала мел кхоьллинарг 1анарах - хих дуьйла дуьйцу кхечу аяташа а, хьадийсаша а.
Масала, цараха ду: а)«…Элас Шен 1арша хи т1ехь х1оттира…»(11:7).
б ) «Х1унда ца го 1эсачарна стигланаш, латта динна цхьаъ хилла хилар. Уьш вовшашца Оха декъар. Са мел дерг Оха хих кхоллар?»(21: 30)
в)«Элано Стигла, Латта Шена кхолла лиъча, Хи т1ехула мох хийцира. Хиш 1анарш иеш яккхийчу тулг1ешца дола делира. 1анарех стигла хилира, ткъа беттачу хин чопанах Латта» (Ибн-Аббас), бохурш.
Кхузахь цхьа бигалдар. 1а»(«Дух») дашна т1ера схьа кхолладелла: пар»; «дым»; «туман»;«зима»; «испарение»; «дыхание»; «жить»; 1аршаш» («стигланаш»); «1алам»; «1элам/ 1илма»; «1ам» дуьйцучохь хаттар кхолла дала тарло и «1а» («зима») царна юкъехь муха нисделла бохуш долу.
«1а»(«зима») а нисделла-кх , х1етахь паналлехь лаьттинарг шийлачу 1анаршца - боданца 1а хилла хиларна. И гойту ; «...бух боцу бода бара; Ма 1а лаьттара 1ама(1ома) т1ехь. Элира Ма 1ас: хила са; са хилира» (Хиллам. 1:2-3), аьлла вай ялийначу байто а дуьйцуш долу.
…. Ишта ду, и ширачу арамейн-нохчийн маттара - «Иеом»(г1аз.тран.) толлучохь вайн хилла жам1аш…..
26
Туьдур вай кхин д1а а, вай лакхе билгал дина дешнаш:
2)«Существо». Цуьнца го ширачу арамейн/латинин маттара -«Са/ Су» орам.
Вай тохара вавилонан –«Су»(дэлан ц1е); нохчийн/ламоройн –«су»(«сту»); «Дашо су» («Золотой телец»); «бетта+са/су»(«лунный культ) хьехош дийцина долу.
Кхузара дара: а)«..Существо Существ…»: «Х1у - Сах Х1у - Са» санна вай далор.
б) «Х1у = са» санна хетар.
в)«х1у –са» - «Дала мел кхоьллинарг/кхуллург» ларар.
Ишта и «Х1у» а тидира вай тохара Тоуратан - «Элах1у» туьдуш. Иза - «Эли х1у» кепера - «Господь всего сущего» ; «Сущий» санна а далош.
Цу тайпа, ширачу нохчийн маттара -«Х1у»; «Са» шираллерачу Дэлан ц1ерашца го. Шайн юкъара кхетам - «Дала мел кхуллург»(«х1у-са») а болуш…
3) «hezer»: «езар»(«любимая»/«необходимая»); «хезарг» («послушная»); «эшар» («самукъа доккхург»); «еша» ( лит.«йиша») санна хеза иза.
Терго е; «…Я создам ему подругу, элементарную помощницу(хезер)..» бохург, вай: «…Ас цунна 1а йиша – езар(езарг – оьшург) кхуллур ю..» кепехь далор.
Шецара -«1а йиша»(«накъост»; «Айша» -ц1е а) а, «езар/г»(«элементарная помощница) а цхьатерра лоруш....
4)«б1ана га(ду)»: «син га(ду)»; «лааман га(ду)»;«син лаам» кхетамехь го. «Б1а къежа»; «б1а цакъежа»; «б1а булу»; «б1а цабулу» боху масалашца иза гуш хиларна.
Цу тайпа, вай диначу тидарша х1инца атта кхетор ю аьлла хета вай лакхе Фабра Д’’ Оливьен вариантехь гоч йина байт:
Вай ширачу нохчийн маттахь:«Алийри 1е 1ам - Элас, Х1у –сах Х1у-са волчу Адамна цхьаа ду. Ас цунна 1а йиша – езар/г кхуллур ю, цуьнан серлонах схьа эцна долу - б1ана га (ду)», аьлла ялийна йолу.
Кхузахь гайтаме ду, ша Х1у –сах Х1у –са санна хиллачу Адамна Хьава: «1а йиша» -«езарг» («любимая» /«необходимая»); «хезарг» («ладуг1ург»); «эшар» («самукъдолург); «йиша» (лам.«еша») санна Элас кхоьллина хилар.
Цуьнан Адаман меженех (п1ендарах) а, цуьнан - б1ана гах(син гах) а.
Х1инца кхин цкъа а хьовсур вай, Хьава - «1а +йиша(«Айша») йолчура – «1э-ваа/х (Ева-Эва)» санна муха хилла.
Тоурато:«И нарек имя своей жене Адам: Ева, ибо она стала матерью всех живущих»(2:20), бохуш дуьйцу иза.
Ткъа изза байт Фабрис яла йо: «И Адам назвал Аишу(свою волю) Евой, что значит элементарная, материальная жизнь, ибо отныне для него начиналась материальная жизнь, и Аиша была ее матерью», аьлла.
Ша нохчийн маттахь яьккхича: «Адама 1айишах(син лаамах/безамах) Ева(1е – ваа/ х) элира. Цул т1аьхьа дуйна шен цуьнца цхьа алха дахаран хьашташ дуьйлалуш хиларна. 1айша массеран а нана йолуш», аьлла хуьлу иза..
Цу тайпа, Фабрис ширачу ег1ипхойн –арамейн(нохчийн) маттахь юьйцу - «Айша», юха а нохчийн маттахь кара йо вайна. Цунна тоьшалаш ду:
а) «1а йиш»(«сестра в жизни») а, «1айша»(ц1е ) а цхьана дар.
б) ширачу нохчийн)–«1айеша»(г1аз транск. – «Айеша») ламоройн/нохчийн–«1а еша» («сестра по жизни»; «познание (читать) Духа») цхьатерра хилар.
Дала Хьава Адам(а.с.) зен кхоьллина хилар дуьйцуш санна ша.
Масала, ч1аьнтин диалектара – «еша» г1азкхийн маттара - «познать/ читать»; «сестра» санна ду .
в) вайн маттара -«йиша»; «йиш»; «йиш(ю/яц)», боху дешнаш, г1азакхийн маттара -«сестра»; «песня»/ «глас»; «возможность»(«таро») санна хилар.
Ишта и «1а йиш» бохург, г1азакхийн маттара- «глас/воля Духа» санна а хуьлу.
Шецара - «1а»: «1айша»; «1эва/х»(«Ева –Эва») ц1ерашца, «1алам» ; «1арше» дешнашца, тохара вай – «Адам» ц1е туьдуш дахкиначу - «1а да»; «1а дал»; «1а дам»; «1у-да»;«1удма»(хьовса лакхе) аларшца а долуш.
1алам а, 1арша а, Адам(а.с.) а, Хьава а Дала кхоьллина хилар ша тоьшалла деш санна.
Т1етохар: 1)«Йиш –Ма+1а/ш» олуш кхин цхьа алар а ду вайн. Цхьамма цхьанга амалаш - б1ацанаш яр ду иза. Масала; хьайн накъосте нахана юкъехь ахь къайлахьа цхьа хаам бар. Кхечу аг1ора - «йиш яр»(«подать знак/ предупреждение»).
Цо гойту, ширачу нохчийн маттара – «1а йиш», г1азкхийн маттара – «знак/ предупреждение Духа»; «возможность жить»; «награда Духа» санна а хилар .
Дала Адамна Хьава совг1ат санна елла ца 1аш, цунна цхьана д1а хьедарца а елла хилар ша дуьйцуш санна. Масала; «... амма , д1о дитт- довзанна герга ма г1олаш…» бохуш хиллачу д1ахьедарца.
Докка Амагов. Чакхе ю.
Отдел писем
Chechenews.com
10.05.13.